Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цу чохь мел волчо а, корта охьа а таІийна, Іийсага элира: «Хьо баккъалла а Делан КІант ву!» ЦІеххьана гуламан цІа чохь жино хьийзош волу стаг гучувелира, мохь а хьоькхуш: «Хьан хІун гІуллакх ду тхоьца Назартара Іийса? Тхо хІаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву – Делан Везаниг!» Дукхахдолчу адамех жинаш дІакъаьстира: «Хьо Делан КІант ву!» – бохуш, маьхьарий а детташ. Іийсас царна иза ала ца магадора, хІунда аьлча царна хаьара Иза, Дала леррина Къобалвинарг вуйла. Хьо теша Дела цхьаъ хиларх, иза дика ду. Ур-атталла жинаш а теша Иза хиларх – ткъа уьш кхерарна дегадо!
Выбор основного перевода