Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Іийса берриг Галилай-махкахула волавелира. Цо нехан гуламан цІеношкахь Іамадора, Стигалийн Олаллех хаза кхаъ кхайкхабора, нах массо а цамгарех тобора. Цара, Іийсан бедарх куьг Іоттийтахьара бохуш, дехар дора. Цуьнан бедаран юьхах куьг мел Іоьттинарг, то а лой, дІахІуттура. Оцу сохьта дІаоьху цІий а сецна, ша тоеллий хиира зудчунна. Ткъа Іийсас элира зудчуьнга: «Сан йоІ, хьан тешаро тойина хьо. Маьрша дІагІо хьайна, хІинца чул тІаьхьа кхин оцу цамгаро хьийзор яц хьо». Иза миччанхьа веача а, я ярташка а, я гІаланашка а, адамаша шайн цомгушнаш майданна тІе а балабой, чІогІа доьхура Іийсага, Шен бедаран юьхах мукъана а хьакхадалийтахьара шаьш бохуш. Ткъа Цунах хьакха мел велларг, цамгарх то а лой, дІахІуттура. Уьш Бет-Саида-гІала кхечира. Цигахь Іийсана тІе бІаьрса дайна стаг а валийна, цунах Іотталахьара аьлла, дийхира Цуьнга.
Выбор основного перевода