Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Къа ду вонах дика ду а, диканах вон ду а олучийн, царна боданах серло а, серлонах бода а тарло, къаьхьаниг мерза а, мерзаниг къаьхьа а хета! Ткъа Ярушалаймера баьхкинчу Іелам наха олура: «Цунна чу БаІал-Зебула-жин доьлла! Оцу харц жинийн элан олаллица жинаш арадоху Цо адамашна чуьра!» Наха жоп делира: «Жин-м дац Хьуна чохь? Мила ву Хьо вен лоьхург?» Аьллачунна дуьхьал жоп луш, яхІудхоша элира Іийсага: «Ткъа тхо бакъ луьйш дац: „Хьо шамранхо ву, Хьуна чохь жин ду“, – оха аьлча?» ЯхІудхоша элира Іийсага: «ХІинца билггал хии тхуна Хьуна чохь жин хилар. ХІунда аьлча ИбрахІим а велла, пайхамарш а белла, ткъа Ахь боху, Хьан дош кхочушдеш верг цкъа а лийр вац. Дукхахболчара олура: «Цунна чохь харц жин доллу, Иза хьераваьлла. Цуьнга ла а хІунда дугІу аша?» Цундела аса шуьга боху, Делан Синехула ша бохуш волчу цхьаьнгге а алалур дац: «НеІалт хуьлийла Іийсана». Иштта Делан Синехула олучуьнга бен, цхьаьнгге а алалур дац: «Іийса – Веза Эла ву».
Выбор основного перевода