Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цхьана дийнахь Іийсана уллохь дукха адам гулделлера. Иза, ламанан басе хьалаваьлла, охьахиира. Іийсана тІе гулбелира Цуьнан мурдаш. Шен шийтта векал схьа а кхайкхина, Іийсас царна ницкъ а, бакъо а елира адамашна чуьра дерриг жинаш лахка а, цамгарех нах тобан а. Аша Со ца хаьржина, амма Ас, харжа а хаьржина, дІахІиттийна шу. Ас шу къобалдина, шу дахханчохь, шуьга лаьттан стоьмаш кхиадайта. ТІаккха аш Сан цІарах хІуъа а Сан Дега деххнарг Цо шуна лур ду. Шен векалшна Делан Синехула омра а дина, стигала Иза хьалаваьккхинчу денна тІекхаччалц.
Выбор основного перевода