Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
хІунда аьлча хьалха баьпкаца хиллачу тамашийна хІуманах а ца кхийтира уьш, дІакъовладелла дара церан дегнаш. Цара стенах лаьцна дуьйцу хууш волчу Іийсас элира цаьрга: «Стенна дуьйцу аша, шайгахь бепиг дац бохуш? ХІинца а ца го те шуна, кхета а ца кхета те шу? Дегнаш оццул шагделла те шун? Йоьлху Марем а, боьлху цуьнца баьхкина яхІудхой а гина, са карзахдаьлла, дог доьхна вара Іийса. «Дала церан бІаьргаш бІаьрзе бинера, церан дегнаш а шога динера, церан бІаьргашна са ца гайта а, церан дегнаш тІаьхьа ца кхиийта а, уьш шайна гІо дайтархьама Шена тІе ца бахийта а. – Ас уьш то а бийр бара!» Динан вежарий! Суна ца лаьа, хІара Делан къайле ца евзаш шу дита, шайх дозалла а деш, шу ца Іайтархьама. Цхьаболчу исраилхойн дегнаш хІуъа а бен ца хеташ хилар цхьана ханна а бен дац. Иштта хир ду, кхечу къаьмнех долу адамаш буьззина болчу барамехь Далла тІедерззалц. Церан кхетам боданехь а бу, Делаца долчу дахарна херабевлла а бу уьш, хІунда аьлча церан хьекъал а дац, церан дегнаш хІуъа а бен ца хеташ а ду.
Выбор основного перевода