Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іийсас чІогІа тІедиллира царна, цхьаьнгге а хиллачух лаьцна цадийцар, амма Цо чІогІа мел дихки а, уггаре а дукха дуьйцура цунах лаьцна. Юха тІевахана барамах куьг Іоьттира Цо. Барам бахьаш богІу нах севцира. Іийсас элира: «КІант, хьоьга боху Ас: хьалагІатта!» Бакъдерг боху Ас шуьга: тІейогІуш ю и зама, тІекхаьчна а яьлла, беллачарна Делан КІентан аз а хезар долуш, и хезнарш ден а лур болуш. Цец ма довлалаш цунах, хІунда аьлча тІейогІуш ю и зама, кешнаш чохь болчу массарна а Делан КІентан аз хезар долуш. Иза а аьлла, Іийсас чІогІа мохь туьйхира: «ЛаІзар! Аравала!» – аьлла. Массо а чуьра ара а ваьккхина, гора а хІоьттина, доІа дира Кипас. Юха, еллачуьнгахьа дІа а вирзина, элира цо: «Тавита, хьалагІатта!» Зуда, бІаьргаш схьабиллича, Кипа а гина, кІегархиира.
Выбор основного перевода