Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дечиган пхьеран кІант вац Иза? Цуьнан ненан цІе Марем яц? Ткъа вежарийн цІераш Якъуб, Юша, ШамІа, ЯхІуд бохуш яц? Ша дечиган пхьар а волуш, оцу Якъубан а, Юшан а, ЯхІудан а, ШамІин а ваша а волуш, Мареман кІант вац Иза? Кхузахь, вайна юкъахь, бац Цуьнан йижарий а?» Оцу нахана Иза къобалван ца лиира. ТІаккха Іийсан вежарша элира Цуьнга: «Кхузара дІа а валий, ЯхІуд-махка гІохьа, Айхьа деш долу гІуллакхаш Хьайн мурдашна а гайтархьама. Уьш гуттар а цхьаьна гуллора доІанаш дан. Масех зуда а яра цаьрца, иштта Іийсан нана Марем а, Іийсан вежарий а бара. Кхиболчу векалша а, Іийсан нанас бинчу кхечу вежарша а, Кипас а санна, динан йижарех цхьацца тхаьшна яла а йина, тхайца цхьаьна уьш бига бакъо яцара тхан а? Ткъа кхечу векалех, Везачу Элан ваша Якъуб воцург, цхьа а ца гира суна.
Выбор основного перевода