Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара мохь хьоькхура: «ХІун оьшу Хьуна тхоьгара, Делан КІант? Тхан хан тІекхачале, тхо хьийзо веана Хьо кхуза?» – бохуш. ЦІеххьана гуламан цІа чохь жино хьийзош волу стаг гучувелира, мохь а хьоькхуш: чІогІа мохь хьаькхира цо: «Хьуна хІун оьшу соьгара, Іийса, Веза Воккхачун КІант? Делан дуьхьа доьху Хьоьга, ма хьийзавехьа со?» «ХІей, Хьан хІун гІуллакх ду тхоьца, Назартара Іийса? Тхо хІаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву – Делан Везаниг!» – бохуш. Хьо теша Дела цхьаъ хиларх, иза дика ду. Ур-атталла жинаш а теша Иза хиларх – ткъа уьш кхерарна дегадо!
Выбор основного перевода