Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Геннара цу суьрте хьоьжуш лаьтташ дуккха а зударий бара. Уьш Іийсаца Галилайра схьабаьхкина бара, Цуьнан хьашташ кхочушдархьама. ТІаккха Іийсас хаьттира жине: «ХІун ю хьан цІе?» – бохуш. Вукхо жоп делира: «„Эскар“, хІунда аьлча тхо дуккха а ду». Геннара хьоьжуш лаьтташ зударий а бара кхузахь: царна юкъахь Магдалера Марем а, жимаха волчу Якъубан а, Юшан а нана Марем а, Шалумат а яра. КІирандийнахь, хьалххе, веллачуьра ден а велла, Іийса хьалха Магдалера, шена чуьра ворхІ жин арадаьккхинчу Маремана дуьхьал хІоьттира. ТІаккха доьдий, цо шеца ворхІ харцжин даладо, шел дуккха а вон долу. Уьш, цу стагана чохь шайн хІусам а юьллий, даха ховшу. Эххар а оцу стеган хьал юьххьенца хиллачул а вон хуьлу». Амма Іийса вевзарш, Галилайра дуьйна Цунна тІаьхьа баьхкина зударий а тІехь, геннара хьоьжуш лаьттара.
Выбор основного перевода