Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо элира: «Ваха а гІой, ала оцу халкъе: „Хезар ду шуна, амма кхетар дац шу. Хьоьжур ду шу, амма маьІна къастор дац аша“. „ЛадогІа, Іовдал, кхетам боцу къам. Шун бІаьргаш ду, амма шуна хІумма а ца го, шун лергаш ду, амма шуна хІумма а ца хеза. «Дала церан бІаьргаш бІаьрзе бинера, церан дегнаш а шога динера, церан бІаьргашна са ца гайта а, церан дегнаш тІаьхьа ца кхиийта а, уьш шайна гІо дайтархьама Шена тІе ца бахийта а. – Ас уьш то а бийр бара!» „Цу халкъана тІе а гІой, ала цаьрга: Шайн лергашца ладугІур ду аш, амма кхетар дац шу, шайн бІаьргашца хьоьжур ду шу, амма маьІна къастор дац аша.
Выбор основного перевода