28
Іийса а гина, Цунна хьалха вуьйжира иза. Іийсас омра дира жине, оцу стагана чуьра арадала аьлла. Стага мохь тухуш элира: «ХІун оьшу Хьуна соьгара, Іийса, Веза Воккхачун КІант? Доьху Хьоьга, ма хьийзавехьа со». Жино дукха хенахь дуьйна хьийзош вара и стаг. ЗІенашца дІа а вихкина, ларвича а, уьш хеда а йой, жино бохург деш, цхьа а адам доцучу, яьссачу метте дІавоьдура иза.