Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Марема дерриг а хезнарг шен даг чохь латтадора. Амма Іийсас элира: «Кхин а декъала бу, Делан даше ла а дугІуш, иза кхочушдеш берш». И омра хезча, гІаролан хьаькамо уьш чуьрчу цІа чу боьхкира, дечиган буржалш а тоьхна. Делан дош кхочушдеш болчарах хилалаш, цуьнга ладугІурш бен а ца хилла, шаьш Іехочарах тар а ца луш. Вежарий, собаре хилалаш, Веза Эла схьаваллалц. Латта лелош волчо безачу стоьме сатуьйсийла хаьий шуна? Иза собарца хьоьжу хьалхара а, тІаьхьара а догІа даре. Дика гІуллакхаш а деш, сийлалла а, ларам а, хедар доцу дахар а лоьхучарна Ша волчохь долу хедар доцу дахар лур ду Цо. Шуна собар оьшу, Делан лаам кхочуш а бина, шайна лур ду аьлларг схьаэца. Доьналла долуш хила аьлла, Аса шайна дина омра аша лардина дела, Аса а лардийр ду шу, лаьттахь дехаш долу адамаш зерхьама, кху дуьнен чу массанхьа а баланаш тІебоуьйтур болчу заманах.
Выбор основного перевода