Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іийсас, юха а вирзина, и зуда Шена гича, элира: «Доьналла долуш хила, Сан йоІ! Хьан тешаро тойина хьо!» И зуда цу сохьта тоелира. Ткъа Іийсас элира зудчуьнга: «Сан йоІ, хьан тешаро тойина хьо. Маьрша дІагІо хьайна, хІинца чул тІаьхьа кхин оцу цамгаро хьийзор яц хьо». ТІаккха Іийсас элира цуьнга: «Сан йоІ, хьан тешаро тойина хьо. Маьрша дІагІо хьайна». Амма Іийсас, и къамел а хезна, элира Яире: «Кхера ма кхера, амма теша, тІаккха хьан йоІ толур ю». ТІаккха цу шамранахочуьнга элира Цо: «ХьалагІатта, дІавало. Хьан тешаро цамгарх кІелхьарваьккхи хьо». Іийсас элира цуьнга: «Са гуш хила хьайна! Хьан тешаро кІелхьарваьккхи хьо».
Выбор основного перевода