Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іийса Бет-ХІинехь чкъураца ца йоьрзу цамгар хилла йолчу ШамІин хІусамехь волчу хенахь, Іийса Бет-ХІинехь волуш, чкъуран юха ца йоьрзу цамгар кхетта волчу ШамІин цІахь Иза хІума юуш Іачу хенахь, мехалчу кхаби чохь, цІеначу, нард олучу зезаган орамех даьккхина деза даьтта а дахьаш, зуда чуелира. И кхаба, йоха а йина, даьтта Іийсан коьрта тІе доьттира цо. Иштта, Пасахьан деза де тІекхача ялх де дисича, Бет-ХІина олучу гІала веара Іийса. Іийсас веллачуьра денвина волу ЛаІзар а вара цигахь вехаш. Іийса, къамел дина ваьлча, цхьана парушхочо ша волчу хІума яа чукхайкхира. ЦІа чу а ваьлла, хІума юучу меттехь агІорвелира Іийса. Цкъа шоьтан дийнахь парушхойн цхьа куьйгалхо волчу хІума яа ваханера Іийса. Чохь берш леррина хьоьжура Цо дечуьнга.
Выбор основного перевода