Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лулахой ларамах буьзира. Хиллачух лаьцна массанхьа а ламанца болчу ЯхІуд-махкахь дуьйцуш дара. «Декъала хуьлда Эла, Исраилан халкъан Дела, ван а веана, Шен халкъ безачу мехах паргІатдаьккхина. Чохь берш инзарбевллера. Деле болчу ларамах дегнаш дуьзна, цара бохура: «Вайна тахана гинарг инзаре тамашийна хІума ду!» ТІулга тІехь тІулг а ца буьтуш, йохор ю хьо, хьан бахархой а бойур бу. И дерриг хир ду, хьайна чу Веза Эла воьссина хан хьуна ца хаар бахьана долуш». Цул тІаьхьа, Іийсас йина тамашийна гІуллакхан билгало а гина, наха олура: «ХІара ву-кх и дуьнен чу ван веза бакъволу Пайхамар».
Выбор основного перевода