Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Массо а Деле болчу ларамах буьзира. Юха Далла хастамаш бан хІиттира уьш. Цхьаболчара бохура: «Веза пайхамар веана вайна юкъа». Вукхара бохура: «Дела веана Шен халкъана гІо дан». Парушхой а, Іелам нах а резабоцуш, гІовгІа еш бара: «ХІокху стага къинош летийна адамаш тІе а оьцу, цаьрца хІума а йоу», – бохуш. И дерриг гина, резабоцучара вовшашлахь шабарш дора: «Къинош летийначу стеган хІусаме хьошалгІа веа-кх Иза». «Ткъа хІун хилла?» – хаьттира Іийсас. «Назартарчу Іийсаца доьзна хилларг, – жоп делира цара. – Иза пайхамар вара. Далла а, массо адамна а хьалха нуьцкъала Устаз а, инзаре хІуманаш Дийриг вара И. Цул тІаьхьа, Іийсас йина тамашийна гІуллакхан билгало а гина, наха олура: «ХІара ву-кх и дуьнен чу ван веза бакъволу Пайхамар».
Выбор основного перевода