Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло бІаьрзечарна са гойту, Везачу Эло дахаран халонаша охьатаІийнарш дІанисбо, Везачу Элана Делан лаамехь берш беза. Цу дийнахь къорачарна тептар тІера дешнаш хезар ду, Іаьржачу боданах паргІат а баьккхина, бІаьрзечеран бІаьргашна са гур ду. ТІаккха бІаьрзечийн бІаьргаш са гуш хир бу, ткъа къорачийн лергаш дІадоьллур ду. Хьоьга бІаьрзечарна са гайтийтархьама а, тутмакхаш набахтера арабахийтархьама а, боданехь Іаш берш серлонга бахийтархьама а. Хьалдолчу Элан Са дагца ду Сан, хІунда аьлча Везачу Эло Со къобалвина мискачарна хаза кхаъ кхайкхо. Цо хьажийна Со дог доьхначарна дарба дан, йийсархошна паргІатдовлар кхайкхо, тутмакхаш набахтера арабаха, «Везачу Элан Са дагца ду сан, хІунда аьлча Цо со къобалвина мискачарна хаза кхаъ кхайкхо. Цо со хаам бан ваийтина: чубоьхкинарш паргІат а бохур бу, бІаьрзечарна серло а лур ю. Со ваийтина ву Іазапехь берш мукъабаха,
Выбор основного перевода