Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа оцу йисина Іачу зудчун кІант цомгуш хилира. И цамгар чІогІа хиларна, кІентан садаІар а сецнера. ЭлишаІ цІа чу велира, ткъа цуьнан меттахь Іуьллуш велла кІант вара. Іийса Шен мурдашца хинкеман тІехь Іоман берда тІе юхавеача, Цуьнга хьоьжуш дукха адам дара. Уьш Цунна гонах гулделира. Іийса къамел дина а валале, гуламан цІийнан куьйгалхочун Яиран цІера геланчаш баьхкира. «Хьан йоІ елла. Устазана хало ян ца оьшу», – элира цара. ХІунда аьлча цуьнан цхьаъ бен йоцу, шийтта шо кхаьчна йоІ яра яла йоллуш Іуьллуш. Іийса дІавоьдуш Цунна гонах чІогІа дуькъа адам дара, Иза халла бен чекх ца валалуш. Бет-ХІина олучу юьртахь Іаш вара, ЛаІзар цІе а йолуш, цхьа хьенех. Иза чІогІа цомгуш вара. И Бет-ХІина олу юрт яра Марем а, цуьнан йиша Марта а ехаш йолу меттиг.
Выбор основного перевода