Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цунна тІееара, мехала кхаба карахь а йолуш, цхьа зуда. Иза шен кхаби чуьра хаза хьожа йогІу, механа чІогІа деза долу даьтта хиъна Іаш волчу Іийсана коьрта тІе дитта йолаелира. Іийса Бет-ХІинехь волуш, чкъуран юха ца йоьрзу цамгар кхетта волчу ШамІин цІахь Иза хІума юуш Іачу хенахь, мехалчу кхаби чохь, цІеначу, нард олучу зезаган орамех даьккхина деза даьтта а дахьаш, зуда чуелира. И кхаба, йоха а йина, даьтта Іийсан коьрта тІе доьттира цо. ТІаккха Марема, цхьа герка хиллал нард олучу зезагех даьккхина долу деза даьтта, схьа а эцна, Іийсан когаш тІе доьттира. Цул тІаьхьа шен коьртара месашца Іийсан когаш бакъийра цо. Ткъа и цІа хаза хьожа йогІучу даьттанан хьожанах дуьзира.
Выбор основного перевода