Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Яхьъяс, царах шиъ схьа а кхайкхина, Веза Эла волчу вахийтира Цуьнга хатта: «Хьо вуй и ван везаш верг, я кхечуьнга хьежа деза тхо?» – аьлла. Кертара адамаш оцу йоІана доьлхуш дара. «Ма делха, – элира Іийсас, – иза ца елла, иза йижина ю». Цул тІаьхьа Іийсас Шен мурдашна юкъара кхин а кхузткъе шийтта стаг хаьржира. Шел хьалха шишша цхьаьна Ша ваха везачу гІаланашка а, ярташка а дІахьовсийра Цо уьш. Цкъа Іийса Ша кхаьчначу цхьана меттехь доІа деш вара. Иза доІа дина ваьлча, мурдех цхьаммо дийхира: «Эла! Тхуна а Іамадехьа доІа дан, Яхьъяс шен мурдашна ма-Іамадарра». Амма Эло цуьнга элира: «Аша, парушхоша, тІехулара кад-Іайг дикка цІандахь а, бухалара бІаьрмециг а, къиза а ду шу. Везачу Эло жоп делира: «Ас дуьйцур ду шуна тешаме а, хьекъале а урхалхо мила ву цІа чохь: иза, хІусамдас вукху ялхошна тІехь куьйгалла дан а хІоттийна, царна шен хеннахь юург луш верг ву. Везачу Эло, жоп луш, элира цуьнга: «Шалхончаш! Шайн сту я вир, хьаьвдех схьа а достий, Далла леринчу шоьтан дийнахь хи мала ца дуьгу аш? ТІаккха векалша элира Іийсага: «Алсамбаккхахьа тхан тешам», – аьлла. Везачу Эло аьлла: «Ойла елаш оцу харц кхелахочо дуьйцучух лаций. Закайс, хьала а гІаьттина, элира Везачу Эле: «Эла! Ас сайн ах бахам къечарна дІалур бу, нагахь ас цхьана хІумана тІехь стаг левинехь, цунна хилла зе доьазза меттахІоттор ду!» Веза Эла, юха а вирзина, нийсса Кипина тІе хьаьжира. ТІаккха дагадеара цунна Везачу Элан дешнаш: «Тахана нІаьна кхайкхале, Со кхузза дІатосур ву ахь». Векалша дийцира: «Веза Эла билггала денвелла! Иза ШамІина хьалха хІоьттинера!»
Выбор основного перевода