Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайх даьллачу къиношна Далла хьалха дохко а бовлий, Йордан-хи чохь шаьш хих чекхдохуьйтура наха Яхьъяга. Шу Далла тІедирзина дела, Ас хих чекхдоху шу, амма сол тІаьхьа ван везарг сол нуьцкъала ву. Со Цунна мачаш кхехьа а хьакъ вац. Цо шу Делан Синах а дузур ду, цІарца а дахчор ду. ХІунда аьлча Яхьъя шу долчу Делан лаамехь болчу новкъахула веара, амма шу цунах ца тийшира. Ял гулъешберш а, хьарам новкъахула лелаш болу зударий а цунах тийшира. Амма шу, шайна дерриг а гиначул тІаьхьа а, метта ца даьхкира цунах тешархьама». Хих чекхбахийта баьхкинчу нахе Яхьъяс бохура: «Шу лаьхьанан кІорнел а чІогІа зуламе адамаш ма ду! Хьан бина шуьга, тІедогІучу къематан дийнах кІелхьардовла деза аьлла, хаам? Ял йоккхуш берш а богІура шаьш хих чекхбахийта. «Устаз! – хоьттура цара, – оха хІун дан деза?»
Выбор основного перевода