Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьалхарчу а, ворхІалгІачу а дийнахь беза гулам дІахІотто беза аша. Цу деношкахь цхьа а тайпа болх бан мегар дац, яа хІума кечъяр бен. Ткъа ворхІалгІа де шайн Везачу Далла лерина садоІу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кІанта а, йоІа а, шун лено а, гІарбашо а, даьхнино а, шун хІусамехь волчу хьешо а цхьа а тайпана болх ма бе. ВорхІ дийнахь Везачу Элана лерина цІера тІехь сагІанаш даха. ВорхІалгІачу дийнахь а кхайкха нах безачу гуламе. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь». Ткъа ворхІалгІа де шайн Везачу Далла лерина садоІу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кІанта а, йоІа а, шун лено а, гІарбашо а, шун стеро а, виро а, шун хьайбанех цхьаммо а, шун гІаланашкахь ваха тІевеана волчо а цхьана а тайпана болх ма бе, хІунда аьлча шу санна шун лено а, гІарбашо а садаІа деза. Далла лерина шоьтан де дІадаьллачу хенахь Магдалера Марема а, Якъубан нанас Марема а, Шалумата а хаза хьожа йогІу хьакхарш ийцира, уьш Іийсан докъана хьакхархьама.
Выбор основного перевода