Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И сурт гуш волчу Пулата, адам кхин а чІогІа карзахдала кийча дуйла шена гича, массарна а гуш хи схьа а эцна, шен куьйгаш дилира. Цо элира: «ХІокху Стеган цІий сох ца хьаьрчина. Аш-шаьш жоп ло». Пулата хаьттира цаьрга: «ХІунда? Цо хІун зулам дина те?» Амма наха кхин а чІогІа маьхьарий хьоькхура: «ЖІарах дІатоха Иза!» – бохуш. Цигахь Иза бехке ван хІиттира уьш: «Тхуна хІара стаг нах карзахбохуш вуьйла хиъна. Кхо паччахьна ял ма ло боху, Ша Дала Леррина Къобалвинарг ву боху, ткъа иза паччахь ву бохург ду». ТІаккха Пулата динан коьртачу дайшка а, халкъе а дІахаийтира: «И стаг бехке ван цхьа а бахьана дац сан». Цунна дуьхьал Пулата хаьттира: «Билггал бакъдерг хІун ду?» Иза а аьлла, Пулат юха динан куьйгалхошна тІевахара. Цо элира: «Цуьнан бехк болуш цхьа а хІума ца го суна. Юха а араваьлла, Пулата элира цаьрга: «ХІинца аса аравоккху ХІара шуна хьалха, сайна Кхуьнгара даьлла цхьа а бехк болу хІума ца карийна аьлла, шуна хаийтархьама».
Выбор основного перевода