Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Пулата динан коьртачу дайшка а, халкъе а дІахаийтира: «И стаг бехке ван цхьа а бахьана дац сан». элира: «ХІара стаг, халкъ карзахдоккху аьлла, валийна аш суна тІе. Шуна хьалха ас Цуьнга барт хаьттина, амма аш Цуьнан бехк беш тІедожийнарг суна гучу ца дели. Пулата кхозлагІа а хаьттира: «ХІунда? Цо хІун зулам дина те? Иза вен Цуьнгара даьлла цхьа а хІума ца карийна суна. Ас шодмаш а еттийтина, дІахоьцур ву Иза!» Амма цаьрца хуьлуш дерг кицанехь ма-аллара ду: «ЖІаьла шен Іеттораш тІе юхадогІу», кхин а: «ЦІанйина хьакха хоттала йижа йоьду». Шена тІехь цхьа а къа доцуш Верг Дала вайн дуьхьа къинош летийнарг санна вира, Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вайх Шена хьалха бакъдинарш хилийтархьама. Иштта динан коьрта да вайна оьшуш а ву: веза а, бехк боцу а, цІена а, къинош летийначарах дІакъастийна волу а, стигалал лакха хьалаваьккхина волу а.
Выбор основного перевода