Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Зуламхошца цхьаьна каш кечдинера Цунна, хьалдерг волчохь дІавоьллинера Иза, Цо цкъа а къизалла ца йинехь а, Цуьнан багахь харцдерг дацахь а. Цара элира: «Римхойн паччахьан». ТІаккха Іийсас цаьрга элира: «Делахь, паччахьна паччахьна доггІург дІало, Далла – Далла доггІург». Алахьа, нийса дуй те римхойн паччахьна ял ялар я дац?» элира: «ХІара стаг, халкъ карзахдоккху аьлла, валийна аш суна тІе. Шуна хьалха ас Цуьнга барт хаьттина, амма аш Цуьнан бехк беш тІедожийнарг суна гучу ца дели. Пулата кхозлагІа а хаьттира: «ХІунда? Цо хІун зулам дина те? Иза вен Цуьнгара даьлла цхьа а хІума ца карийна суна. Ас шодмаш а еттийтина, дІахоьцур ву Иза!» Цу хенахь дуьйна Пулат Іийса дІахеца бахьана лоьхуш вара. Амма наха, маьхьарий хьоькхуш, бохура: «Нагахь ахьа Иза дІахецахь, хьо Рим-мехкан паччахьан доттагІа вац. Муьлхха а шех паччахь веш верг Рим-мехкан паччахьан мостагІа ву».
Выбор основного перевода