Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дІалечкъар бу нах, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхерабелла, Иза латта дего веача. ХІаллакйина хир ю Авайнан сагІа доккху лакхенаш – Исраилан халкъан къинош. СагІа доккхучу церан меттигаш тІе кІохцалш а, яраш а евр ю. ТІаккха халкъо эр ду лаьмнашка: «ДІахьулдейша тхо!» Баьрзнашка а доьхур ду: «ТІеэгийша тхуна!» – бохуш. Цара лаьмнашка а, тархашка а бохура: «Тхуна тІе а эгий, дІахьулдейша тхо Іарша тІехь хиъна Волчунна гарх а, Іахаран таІзарх а. Цу деношкахь адамаша шайна Іожалла лоьхур ю, амма царна и карор яц. Царна делла дІадовла луур ду, амма Іожалла царах йодур ю.
Выбор основного перевода