Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма динан коьртачу дайша а, къаноша а гулбеллачаьрга шайн лаам дІахаийтира: Барраб кІелхьара а ваьккхина, Іийса вен кхел яйта лаар. Амма динан коьртачу дайша халкъ иракарахІоттийнера, царна Барраб дІахецар гІоле хетийтархьама. Цунна дуьхьал Пулата хаьттира: «Билггал бакъдерг хІун ду?» Иза а аьлла, Пулат юха динан куьйгалхошна тІевахара. Цо элира: «Цуьнан бехк болуш цхьа а хІума ца го суна. И дерриге а пІераскан дийнахь дара, Пасахьан деза де хила дезачу кІирнах. Делкъахан а яра цу хенахь. ТІаккха: «ХІан, ХІара ву шуна шун Паччахь!» – элира Пулата нахе. ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а, вайн дайн а Дала сийдеш айина Шен ялхо волу Іийса. Амма аша Иза вейтира, Пулатана хьалха Цунах дІа а къаьстина, цо Иза дІахеца сацам биннашехь а.
Выбор основного перевода