Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен мурдашца Иза дІаваха кечвеллачу хенахь Іийса волчу валийра мотт сецна волу стаг. Иза жино хьийзош вара. Ткъа Іийсас элира зудчуьнга: «Сан йоІ, хьан тешаро тойина хьо. Маьрша дІагІо хьайна, хІинца чул тІаьхьа кхин оцу цамгаро хьийзор яц хьо». Іийсас цу зудчуьнга кхин а элира: «Хьан тешаро кІелхьаръяьккхина хьо. ДІаяло хьайна маьрша». ТІаккха цу шамранахочуьнга элира Цо: «ХьалагІатта, дІавало. Хьан тешаро цамгарх кІелхьарваьккхи хьо».
Выбор основного перевода