Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элана дан хала хІумма а дуй? ХІан-хІа! Айса ма-аллара, Со бІаьста юхавогІур ву, цу хенахь Саратан кІант хир ву». «Суна хууш ду, Веза Эла, Хьайна луъург Хьан дан йиш юйла а, Ахьа дан леринарг цхьаьнгге а сацалур доцийла а. «Сан Хьалдолу Эла, Ахьа Хьайн боккхачу ницкъаца а, тІекховдийначу куьйгаца стигалш а, латта а кхоьллина, Хьоьга далур доцуш цхьа а хІума а дац. Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „И санна долчух теша цу деношкахь дисинчу халкъан бІаьргашна а тамашийна хилча, Сан бІаьргашна а хир дуй те иза иштта тамашийна?“ – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. кхин а Цо элира: «Сан Дада! Дерриг а Хьан карахь ду, и къаьхьа кад Суна юххехула чекхбаккхахьа! Делахь а, Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла дерриг а». Деле дан а ца луш хІумма а ма дац!»
Выбор основного перевода