Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стигалахь гулде шайна хьал. Цигахь иза нецано талхор а дац, мекхано хІаллак а дийр дац, я къуша, чу а бевлла, дІа а хьур дац. Шайн бахамаш дІа а бухкуш, мискачарна сагІа ло. Лелийча тишлур доцу бохчанаш кечде шайна, лахлур йоцу хазна гулъе стигалахь: цигахь цунна тІе къу а кхочур вац, нецано иза юур а яц. Хазаниг дар а, дика гІуллакхаш шортта дар а тІедилла царна. Комаьрша хила а, шайн хьал кхечаьрца декъа а хьеха царна.
Выбор основного перевода