Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Сатасаран сай» олучу мукъамехь ала езаш ю хІара Даудан назма. Мила тешна хир вара тхоьгара хезначух? Хьанна гайтина бара Везачу Элан нуьцкъала пхьарс? Ша стигала хьалаоьцу волу хан тІекхача йоьлча, Іийсас сацам бира Ярушалайме ваха. ТІаккха Іийсас элира шина некъахочуьнга: «Ма сонта ду шу! Ма сиха дац шун дегнаш дерриге а пайхамарша дийцинчух теша! «ХІара дара Ас шуна дийцинарг Со шуьца волчу хенахь, дерриг а Сох лаьцна Мусан товратана тІехь а, кхечу пайхамарийн тептарш тІехь а, Забурана тІехь а яздинарг кхочуш ца хилча ца долу», – элира Цо.
Выбор основного перевода