Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан мостагІий эшо хьуна гІо динчу Веза Воккхачу Далла хастам бер вай». ТІамехь даьккхинчух уьтталгІа дакъа Малки-ЦІадакъина дІаделира Ибрама. Яхьъян мурдаша, Іийсана тІе а баьхкина, хаьттира: «Охий, парушхоший кест-кестта марха кхобу, ткъа Хьан мурдаша цкъа а марха кхобуш ма ца го?!» Къа ду шун, Іелам нах а, парушхой а. Шалхалла шайца ерш! Ялташ чудерзочу хенахь Іаждарбецан, цицан, оччаман уьтталгІа дакъа аша сагІина дІало, ткъа товрат-хьехамашкахь уггар чІогІа лоруш дерш – нийсо, къинхетам, тешаме хилар – шуна дицделла. Хьо цхьа хІуманаш лардеш волчу хенахь важа дицдан ца деза. Къа ду шун, парушхой! Аша шайн долахь долчух уьтталгІа дакъа, ур-атталла кертара хас-стоьмех а, сагІина дІалуш ду, ткъа нийсо а, Деле болу безам а бицбелла шуна. Ткъа аш иза а, важа а – ший а дан деза.
Выбор основного перевода