Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш хьо волчу схьабогІу, халкъан гуламе богІуш санна. Сан халкъ хьуна хьалха охьахоу, цо хьоьга ла а дугІу, амма цо ахьа бохург кхочуш ца до. Цара хьуна тамехь долу къамелаш до, амма церан дегнаша адам ледарца шайна сā лоху. Цхьана стеган шина элан ялхо хила йиш яц. Цунна цхьа хІусамда везар ву, важа везар вац, я цхьанна хьесталур ву, ткъа вукхунах вешар вац. Цундела цхьаьний – Далла а, хьолана а ялхой хилалур дац шу». Коканаш долчохь охьадоьжна долчу хІуьнан маьІна дича, дахаран гІайгІанаша а, хьолах Іехабаларо а и хезна дош диц а долуьйту, цуьнан дахарехь стом а ца ло бохург ду. ХІунда аьлча хІара хаалаш: цхьа а нахаца леларг, я боьха лаамаш берг, я бІаьрмециг верг (иза цІушна Іамал йийриг ву) Дала леррина Къобалвинчун а, Делан а пачхьалкхехь хиндолчу абаде дахаран декъахь хир вац.
Выбор основного перевода