Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо элира: «Адамийн КІантах иштта хила дезар ду: Цуьнан дукха баланаш лан дезар, баккхийчара а, динан коьртачу дайша а, Іеламчу наха Иза тІе ца лаьцна хила а дезар ду, Иза вийна хила а везар ву, амма кхозлагІчу дийнахь Дала Иза веллачуьра денван а везар ву». «Дика ладогІалаш, диц а ма делаш Ас шайга аьлларг: Адамийн КІант нехан кара лур ву». Цу хенахь дуьйна Іийсас Шен мурдашка дуьйцуш хилла Ша Ярушалайме ваха везарх а, цигахь Шен баккхийчеран а, динан коьртачу дайн а, Іеламчу нехан а карах бала хьега безарх а лаьцна. Цо иштта дуьйцура Ша вийна хила везарх а, амма кхозлагІчу дийнахь веллачуьра денвала везарх а лаьцна. Шаьш цхьаьна Галилай-махка схьадаьхкича, Іийсас Шен мурдашка элира: «Адамийн КІант нехан кара дІалур ву. Иза, дІа а вихкина, мехкан куьйгалхо волу Пулат волчу дІавигира цара. Цул тІаьхьа берриг а церан гулам, хьала а гІаьттина, Іийса а эцна, Пулатана тІе бахара.
Выбор основного перевода