Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха, хьалха а ваьлла, цхьана Іеламчу стага Іийсага хаттар дира, Иза зерхьама. «Устаз, – хаьттира цо, – ас хІун дан деза, Дела волчохь хедар доцу дахар сан хилийтархьама?» И тоьшалла иштта ду: Дала вайна хедар доцу дахар делла. Ткъа и бакъдолу дахар Цуьнан КІантаца ду. Аса хІара яздина шуьга, Делан КІантах шу тешаш хиларна, шун бакъдолу дахар дуйла шуна дІахаийтархьама. Ткъа хІинца, къинан олаллех паргІат а даьхна, шу Делан леш хилча, цунах Далла гергакхачаран пайда хуьлу шуна, ткъа иза бахьана долуш хедар доцу дахар хир ду шун.
Выбор основного перевода