Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Адамаш охьатаІийна делахь, ахь эр ду: „Хьалаайина хила“, ткъа корта охьабахийтинарг Дала кІелхьарвоккхур ву. Ша кхечарал лакхара хеташ верг лохха хІоттор ву, ткъа эсала са долчун сий хир ду. Хьалдолчу Эло боху: «ДІаяккха хьайн коьртара чалба а, дІадаккха таж а. Хийцамаш бен хан тІекхаьчна. Лакхарнаш лахабаьхна хир бу, ткъа лахарнаш лакхабохур бу. Ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кІезиг хетар ву, ткъа ша кІезиг хеташ верг хьалаваьккхина хир ву. хІунда аьлча хІора ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кІезиг хетар ву, ткъа ша кІезиг хеташ верг лакхаваьккхина хир ву».
Выбор основного перевода