Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цигахь заьІап куьг долу стаг вара. Іийса бехкеван бахьанаш лоьхуш болчу парушхоша Кхуьнга хаьттира: «Товрат тІерачу хьехамаша пурба лой Далла леринчу шоьтан дийнахь нахана дарба дан?» ТІаккха оцу нахе Іийсас хаьттира: «ХІун боху бакъоно, Далла леринчу шоьтан дийнахь хІун дан мегаш ду, дика я вон? Стеган дахар кІелхьардаккха я иза хІаллакдан?» Ткъа уьш бист ца хилира ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «Ас хоьтту шуьга: хІун боху бакъоно, Далла леринчу шоьтан дийнахь я дика, я вон хІун дан мегаш ду? Стеган дахар кІелхьардаккха я иза хІаллакдан?»
Выбор основного перевода