Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхечу нахах кхаьрдачех Иза а кхаьрда, амма ша кІезиг хеташ Іаш волчунна Шен дика ло Цо. Везачу Эле ларамах вуьзна хиларо хьекъалалла хьоьху, ткъа сийлаллина хьалха эсалалла хуьлу. ХІунда аьлча иштта боху Лекхачо а, Лакхаваьккхинчо а, абаденналц Вехаш Волчо а – Везаниг ю Цуьнан цІе: «Со лекхачу а, езачу а меттехь Іаш ву. Дог доьхнарш а, синца муьтІахь берш а бу Соьца. Ас синца муьтІахь болчеран са метта а далор ду, дог доьхначеран дог метта а далор ду. Ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кІезиг хетар ву, ткъа ша кІезиг хеташ верг хьалаваьккхина хир ву. Билггала боху шуьга, цу шиннах геч а дина цІа ваханарг ял гулъеш верг ву. ХІунда аьлча хІора ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кІезиг хетар ву, ткъа ша кІезиг хеташ верг лакхаваьккхина хир ву». Амма Дала кхин а доккха дика дина вайна. Цундела аьлла ду: «Дела курачарна дуьхьал ву, амма ша кІезиг хеташ Іаш болчарна Шен дика ло Цо». Ткъа шу, кегийнаш, тхьамданийн лаамехь хила. Вовшашна муьтІахь а долуш де гІуллакх, хІунда аьлча: «Дела курачарна дуьхьал ву, амма ша кІезиг хеташ Іаш болчарна Шен дика ло Цо».
Выбор основного перевода