Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса шуьга дуьйцура, амма аша соьга ла ца дуьйгІира. Ас сайн куьг шуьга дІакховдийра, амма соьга ладугІуш стаг вацара. ТІаккха кхойкхур ду шу соьга, амма суна хезар дац. Массанхьа а со лохур ду аша, амма со карор дац шуна, Цундела Аса боху шуьга: Делан Олалла, шуьгара схьа а даьккхина, цунах Далла пайда бийр болчу нахе дІалур ду. ТІаккха ПахІала а, Бар-Нааба а майрра элира цаьрга: «Делан дош уггар хьалха шуна хьеха дезаш ду тхо. Амма аша и тІе а ца лоцу, Дела волчохь долчу хедар доцучу дахарна шаьш хьакъ а ца хета, цундела оха къамел кхечу къаьмнех болчаьрга дийр ду. Хьовсалаш, къамел Дечуьнгахьара дІа ма дерзалаш. Нагахь, Лаьтта тІехь къамел дечуьнга ла а доьгІна, уьш а кІелхьара ца бевллехь, вай муххале а кІелхьардевр дац, стигалара къамел Дечуьнгахьара дІадерзахь.
Выбор основного перевода