Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен баланийн мохь схьа а эцна, Суна тІаьхьа ца хІоьттинарг Суна уллохь хила хьакъ долуш вац. Іийсас Шен мурдашка элира: «Суна тІаьхьахІотта лууш болчара шайн „со“ бохург дІататта деза, шайн баланийн мохь схьа а эцна, Суна тІаьхьахІитта а беза. ТІаккха, нах а, Шен мурдаш а тІе а кхайкхина, Цо элира цаьрга: «Соьца ван луург, шен „со“ бохург дІа а теттина, шен баланийн мохь тІе а лаьцна, Суна тІаьхьахІотта веза. ТІаккха Іийсас элира массаьрга а: «Соьца ван луург, шен „со“ бохург дІа а теттина, хІора дийнахь шен баланийн мохь тІе а лаьцна, Суна тІаьхьахІотта веза. Вуьшта а хууш ма ду, Дала леррина къобалвинчу Іийсана тІаьхьа а хІоьттина, суьпа баха лууш болчара массара а баланаш хьоьгург хилар.
Выбор основного перевода