Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен дай-наний Сол дукха дезаш верг Суна улло вала хьакъ долуш вац. Шен йоІ я кІант Сол дукхах дезаш верг а вац Соьца хила хьакъ долуш. Шайн дайшка а, наношка а хьежаран метта, шайн вежарий лараран метта, шайн бераш довзаран метта, левихоша Хьан дош лар а дина, Ахь бина барт Іалаш а бина. Іийсас Шен мурдашка элира: «Суна тІаьхьахІотта лууш болчара шайн „со“ бохург дІататта деза, шайн баланийн мохь схьа а эцна, Суна тІаьхьахІитта а беза. ТІаккха, нах а, Шен мурдаш а тІе а кхайкхина, Цо элира цаьрга: «Соьца ван луург, шен „со“ бохург дІа а теттина, шен баланийн мохь тІе а лаьцна, Суна тІаьхьахІотта веза. ТІаккха Іийсас элира массаьрга а: «Соьца ван луург, шен „со“ бохург дІа а теттина, хІора дийнахь шен баланийн мохь тІе а лаьцна, Суна тІаьхьахІотта веза. Іийсас элира: «Билггала боху шуьга: Делан Олалла кхайкхоран дуьхьа шен цІа а, да-нана а, зуда а, бераш а, йиша-ваша а дитинчунна Шен са дезачо иза хІаллакдо. Ткъа кху дуьненахь шен са ца дезачо, Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачархьама, Іалашдийр ду иза.
Выбор основного перевода