Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Суна хууш ду со Бехказавоккхург дийна вуйла а, Иза тІаьххьара а лаьтта тІехь дІахІуттур вуйла а. Паччахьо Шена аьтту агІор болчаьрга эр ду: „Сан Дас декъалдинарш, шу тІедуьйла! Дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна схьа шайна кечдина, Сан Олаллехь долу дахар дІаэца. Иза шуна деш долу совгІат ду, Паччахьо цаьрга эр ду: „Аса баккъалла а боху шуьга: гІо оьшучохь хІокху Сан вежаршна, царах уггар ледара волчунна а, аша мел динарг Сан дуьхьа дина ду шуна“. И хезча, Іийсас элира: «Кхин цхьа хІума дан деза ахь: хьайн долахь дерг дерриг дІа а дохкий, къечарна дІасадекъа, тІаккха стигалахь жовхІар хир ду хьан. Цул тІаьхьа, схьа а волий, Суна тІаьхьахІотта». ТІаккха, ден а белла, арабевр бу уьш. Царах дика гІуллакхаш динарш Дела волчохь хедар доцучу дахаре гІур бу. Ткъа шайн дахарехь вон гІуллакхаш динарш шайна кхел яйта денлур бу. ТІаккха суна гира лараме боцу а, цІеяхана хилла болу а белларш. Уьш Іаршана хьалха лаьтташ бара. Масех тептар схьадиллира. ТІаккха кхин а цхьа тептар схьадиллира – иза дахаран тептар дара. Цу тептаршна тІе дІаяздина долчу адамийн гІуллакхашка хьаьжжина, кхел йора оцу беллачарна.
Выбор основного перевода