Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нахьми-ЯхІус цаьрга элира: «Дуьйло, хьена яа хІума а яа, мерзаниг мала а мала. Шаьш юучух дакъа а де яа хІума кечъяза бисинчарна. Таханлера де Везачу Элана дІакъастийна долу де ду. ГІайгІане а ма хила! Везачу Эло лучу хазахетаро чІагІдийр ду шу!» Массо а халкъ шайн цІеношка дІадахара хІума яа а, малар мала а, вовшашна юург-мерг кховдо а, чІогІа самукъадаларца даздан а, товрат-хьехамашна юкъара царна аьллачух шаьш кхетта дела. Вухавеанчу ялхочо хІусамдега и дерриг дІааьлла. ТІаккха оьгІазваханчу хІусамдас шен ялхочуьнга буьйр дина: „Хьада, чехкка гІалин урамашкахула а, майданашкахула а чекхвалий, схьабалабе кхуза къенаш, заьІапнаш, бІаьрзенаш, астагІнаш“.
Выбор основного перевода