Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
мецачуьнца хьайн бепиг декъа, бевлла лела миска нах хьайн цІа чу бига, верзинчунна тІе бедар юха, хьайн гергарчух дІа ма лачкъа. Итт маІо гойту цу пачхьалкхера итт паччахь вериг хилар. Царал тІаьхьа, царах тера а воцуш, кхин цхьа паччахь вер ву. Цо царна юкъара кхо паччахь охьатаІор ву. Муса-пайхамаро ца белла шуна товрат-хьехам? Ткъа шух цхьа а цу хьехамо ма-бохху ца лела. ХІунда лоьху аш Со вен дагахь?» ХІунда аьлча юучул деза дахар ду, духарал деза дегІ ду. Цхьаболчара олу: «ЦІена болчарна массо а хІума цІена ду, ткъа къинош летийначарна а, Іийсах ца тешачарна а цхьа а хІума цІена дац». Амма церан ойланаш а, дегнаш а телхина ду.
Выбор основного перевода