Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха тийшира Делах Нунав-гІалин бахархой. Цара кхайкхийра марха кхабар. Воккхачо а, жимачо а вон тІедеача юхуш йолу бедарш тІеюьйхира. «Массо адамаша вон тІедеача юхуш йолу бедарш тІеюха. Даьхнина тІе хІуманаш таса. Массара а шийлачу маьхьаршца Деле а кхайкха. ХІораммо Далла тІеверзархьама, шен зуламе некъ а бита, шайн куьйгашца кхечарна гІело а ма е», – аьлла. ТІаккха гира Далла церан дика ойланаш а, уьш шайн зуламечу новкъара юхабовлар а. ТІаккха юхавелира Дела Ша царна бийр бу аьллачу бохамна, Цо бан а ца бира царна и бохам.
Выбор основного перевода