Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Деле диэха – Цо дехнарг лур ду шуна. Дела лаха – Иза карор ву шуна, неІ тоха, иза дІайоьллур ю шуна, Кхин цхьа хІума а эр ду Аса шуьга: шух волчу шиммо, барт а бина, доІанехь Деле доьхуш хилахь, цара деххнарг Сан стигалахь волчу Дас кхочушдийр ду. Аша доІанехь Делах тешарца доьхуш мел дерг а кхочуш хир ду». Цундела боху шуьга: дерриге а шайн доІан тІехь аш мел доьхург делла хиларх тешаш хила – тІаккха аш доьхург лур ду шуна. Амма шуна юкъахь цхьанна хьекъалалла ца тоахь, цо иза Деле деха деза. Ша луш дерг атта а, бехкаш ца дохуш а луш волчу Цо иза массарна а лур ду. Иза бахьана долуш Далла хьалха доьналла долуш хила таро ю вайн. Нагахь вай Цуьнан лаамехь долу цхьа хІума Цуьнга дехахь, Цунна вай бохург дІахезар ду.
Выбор основного перевода