Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лаьттах схьадаьллачу ялтин а, дитташ тІехь кхиъначу стоьмийн а уьтталгІа дакъа Везачу Элан ду. Иза Везачу Элан долахь бен дац. Амма эзарнашкахь кой дайарх я барам боцуш дукха татолашкахь зайтдаьтта Іенадарх там балур буй те Везачу Элана? Сайн дуьххьарлера доьзалхо лой те ас Цунна сайгара даьллачу зуламна тІера, сайн кийрара схьабаьлла стом лой те ас Цунна сайн синан къиношна тІера?» Къа ду шун, Іелам нах а, парушхой а. Шалхалла шайца ерш! Ялташ чудерзочу хенахь Іаждарбецан, цицан, оччаман уьтталгІа дакъа аша сагІина дІало, ткъа товрат-хьехамашкахь уггар чІогІа лоруш дерш – нийсо, къинхетам, тешаме хилар – шуна дицделла. Хьо цхьа хІуманаш лардеш волчу хенахь важа дицдан ца деза. КІирнах шозза марха а кхобу ас, сайн тІедогІучу хьолах уьтталгІа дакъа нахана сагІина а ло ас“, – бохуш.
Выбор основного перевода