Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха, цхьана дийнахь, Кхаима Хьабуле элира: «Аренга гІой вайшиъ?» Уьш аренга баьхкича, Кхаима, шен вешина Хьабулина чу а гІоьртина, иза вийра. Юха динан ден ЯхІу-ЯдаІан кІантана Закри-ЯхІуна тІе доьссинчу Делан Синан ницкъо дІахьулвира иза. Цо халкъана хьалха, дІа а хІоьттина, элира: «Иштта боху Дала: „ХІунда довлу шу Везачу Эло тІедиллинчунна тІера? Хир бац шун кхиам. Аша Веза Эла дІатасаре терра, Цо а дІатосур ду шу“». Къа ду шун, Іелам нах а, парушхой а. Шалхалла ю шуьца! Аша кад-хедар тІехулара дикка цІандо, амма чухулара уьш бІаьрмецигаллица а, къизаллица а схьаяьккхина йолчу хІуманах дуьзна ду.
Выбор основного перевода