Хазахетарца даккхийделаш! ХІунда аьлча стигалшкахь йоккха ял хир ю шуна. Иштта хьийзийна пайхамарш а, шул хьалха хилла болу».
Кхин дІа а Іийсас элира: «Цхьаммо стогар латийча, иза Іункарнехьа хІоттийначу кхабина я маьнги кІел хІотторхьама а бохьий чу? Я иза лаккха хьалахІоттабан бахьа чу?
«Цхьаммо стогар латийча, цунна тІехула кхаба ца хІоттайо, я маьнги кІел ца хІоттабо иза, амма чубогІучарна серло гун йолччу лакха хьалахІоттабо.