Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Важа, сихха хьала а гІаьттина, шен мотт-гІайба а эцна, массарна а гуш аравелира. Чохь болчара чІогІа инзарбевлла, Далла хастамаш беш, бохура: «Тхуна цкъа а ца гина хІуманаш ду-кх хІорш!» Оцу сохьта и цомгуш верг, хьала а гІаьттина, шен мотт-гІайба схьа а эцна, цІа вахара, Далла хастамаш а беш. И дерриг гина, гуламан цІийнан хьаькамо, Далла леринчу шоьтан дийнахь Іийсас дарба дарна реза воцуш, чубаьхкинчу нахе элира: «Ялх де ду болх бан дезаш. Оцу деношкахь дуьйла шайна дарба дайта, Далла леринчу шоьтан дийнахь а ца догІуш», – аьлла. Ткъа Іийсас, поппар а бина, бІаьрзениг товина де Далла лерина шоьтан де дара.
Выбор основного перевода